На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
🔍 Загляните за кулисы "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (ИсмаIал Акаев) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
📚 Читайте "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Цецбевлла нах арауьдура шайн цIеношчуьра, хилларг хIун ду ца хууш, ткъа бераша хазахетарца маьхьарий деттара.
Эххар а ИбрахIиман керта кхечира машен. Чохь мел верг арахьедира, ткъа массарел а хьалхайаьлла йогIура нана – ИбрахIиман дахарера уггаре а сирла а, хаза а амат. Цхьа да виссира ара ца волуш. Ишта мехала минотехь а къонаха, къонаха хуьлуш товш ву. Хазахетар а, халахетар а цхьаьнаэшшара лан хаьа деза цунна, шен дагахь дерг уггаре а безначарна а ца гойтуш. Массо а ИбрахIим ган сатесна хиллехь а, амма таксист ца хиллера иза ишта атта шен цIа вохуьйтур волуш.
– Аш шина шарахь ган сатийссина волу кIант Соьлжа-ГIалара дуьйна могуш-маьрша шуна схьакхачавина ас. Кхо дийцарехь, хIара эскарера вогIуш ву, тIеман духара-м дац кхунна тIехь бакъдерг дийцича, амма шун бIаьра хьаьжча а гуш ду хIара харц луьйш воций, амма хIете а суна буьззинчу барамехь тоьшалла оьшу!
Хеда шен кIант маракъовла хьаьгна хиллехь а, амма хIете а таксистан забарна тIетайра.
Массо а чоьхьавелира. Ма эрна дара Заурбека шен синхаамаш лечкъо гIертар.
Ма гуш дара Заурбекана шен кIант хийцавеллий. Тера дара эскарехь даьккхиначу шина шаро цуьнан дахарехь йоккха лар йитиний.
– Йа АллахI Дела, Iалашве ахь сан кIант! – шен дагахь элира Заурбека.
ТасуевгIеран хIусамехь доккха той ду.





