На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
🔍 Загляните за кулисы "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (ИсмаIал Акаев) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
📚 Читайте "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Тахана Заурбекан керта дика деъна – эскаран халонаш а лайна, тIеман кIурлахь шен доьналла а гайтина цIа вирзина цуьнан жимох волу кIант. Керта хаддаза схьаоьху нах – гергарниш, накъостий, лулахой, бовза-безарш. Заурбек кхета нагахь санна шен керта вуо деънехь а, уьш иштта схьаоьхур бара. Иза ду и гIиллакх – нохчийн къоман мах боцу хазна.
Шен кIант могуш-маьрша цIа верзарна Далла хастам беш, хIусамехь мовлид йоьшуйта Заурбека, ткъа йуха сарахь пондаран мукъамо кхайкхадо кху кертахь синкъерам болалуш хилар.
Ма доггах бека и нохчийн кехат пондар. Цуьнан мукъам айбеш, хеза йеттачу вотанан тата. Тхьамда араволу синкъераман ламаст ларда. Цкъачуна эхь хеташ бу кегий нах, ткъа йуха нохчийн мукъамо ира-кара хIиттийнчу церан дегнаша, хелхарехь каде шершабойту когаш.
Тхьамдас лерина лардо синкъераман ламаст – лаьа ма лиънехь хелхаран гуоне аравала йиш йац, тхьамдера пурба ца даьккхича, ткъа синкъераман бакъонаш йохо а йиш йац, нагахь санна цIеххьана кхуза хьаша ца веънехь.
Ма хаза бу и нохчийн синкъерам. Цхьа а вуьтур вац цо бен доцуш. Доккха маьIна долуш ду нохчийн хелхар – цу хелхарехь ган мегар ду нохчийн къоман оьздангалла а, доьналла а, цо мел лайнарш а, мел чолхечу дахаран хьелашкахь а цо дахаре ца байина болу безам а.
ГIургIаз санна тIам ойбуш хьийза нохчийн йоI, ткъа цунна йуххехь ша аьрзу санна тIома волу жима къонаха. Кегирхойн жималлех, хазаллех бIаьрг буьзна Iаш хуьлу къаной а. Хетало вотанан татанца ийна пондаран мукъам, стиглане кхевдина седарчий самадохуш, бека.
Маржа-йаI, нохчийн пондар! Маржа-йаI, нохчийн хелхар! Наха диканехь бен ца дечу хелхаршца, нохчий хийлозза дахаран чолхечу киртигана дуьхьал гIевттина, цу хелхарца гойтуш шаьш де эшна ца хилар.
Чекхдевлира ИбрахIим цIаверзарна лерина даздарш. Йуха кIирнахь ИбрахIим хьошалгIа эха волавелира шена тIекхача аьтто боцу гергара нах болчу. Иза а ду нохчийн цхьа хаза ламаст.





