На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
🔍 Загляните за кулисы "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (ИсмаIал Акаев) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
📚 Читайте "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Цунна ша бехке хетара пачхьалкхан и маьттаза политика бахьана долуш шен сих ваьлла доьзалхо а, шен йезар а шен ларда аьтто ца баларна. Нехан махка цхьанна а ца оьшу тIом беш, нехан цIий Iаночул, атта дацара хьайн безам ларба, хьайн бер ларда араваьллехь? И тIом герзаца бан безаш а ма бацара. ХIара стенна ваха веза хIинца? Мичахь ду дахаран маьIна? ХIара ма вара Iожалло лаца везаш верг, иза ма йацара. Стенна до те кхолламо сел къиза таIзар? Мокхазан берд санна хилла цуьнан и синтем цIаьххьана бIаьстенан стиглахь тоьхна ткъесс санна иккхира.
Цо ийззош схьа а йохуш, охьакхуьссура шена тIера орденаш, погонаш. Юха тIера схьайаьккхина китель охьа а кхоьссина тIе мираш хьийкхира цо цунна. Юрийс и меттавало гIерташ, нуьцкъала ИбрахIим гIанта охьа а хаъвина, хи делира цунна. ИбрахIима масех къурд бира. Юрийс холодильникчуьра къаьркъан шиша схьала а даьккхина, мала элира Ольга а, бер а дага а лоцуш, амма ИбрахIима жоп делира нохчаша белла нах къаьркъанца дагалоцуш ца хуьлу аьлла.
Юрийс хаам бира кху деношкахь Галина схьайеъча, шаьшиъ доьзал кхуллуш хиларах лаьцна а, хIара тойнехь ган шайна чIогIа лууш хилар а.
ШолгIачу дийнахь цара ИбрахIимана бедарш ийцира, хIунда аьлча цо сацам бинера кхин цкъа а шен дахарехь тIеман духар тIедоьхна ша гойтур вац аьлла, ткъа орденаш а, мидалш а накъостана дIаелира. Цул тIаьхьа Юрийс ИбрахIим Курски вокзалера новкъаваьккхира.
…Машен йуьрта чуйогIуш йара. Дахаро Iовжийначу ИбрахIиман дагна молха хилла схьахIоьттира хьомечу йуьртан сурт. Ма кхехкаш дара кхузахь дахар. Массо а маьIIера схьахезаш йара зIаькардаьхниша йен гIовгIа, гуьйре йалахь а, хIинца а баьццара лаьттачу дежийлашка дIаоьхуш дара бежнаш а. Юьртан урамаш декош, ловзура бераш, шовданера хи эцна богIура зударий, цIен тIехь дан дезарг дийцаре а деш.
ИбрахIимал а чIогIа самукъадаьлла вогIура таксист. Машенан сихалла лахъйина, меллаша вогIура иза урамехула сих-сиха сигнал йетташ, адамийн тидам тIе а берзош.





