На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — История, Документальная литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
🔍 Загляните за кулисы "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Бенедетти Франческо) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
📚 Читайте "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Ткъа йуха, Советан Iедалан муьрехь керла дош кхолладелла – Вайнах – нохчашна гергара къаьмнаш гIалгIай а, бацой а билгалдеш долу.
Нохчий хIетахь Iеса ца хилла. Цара коьрта Iамал йеш хиллачух Дела олуш хилла – дерриге а дуьне кхоьллинарг. АллахIах хIинца а олу нохчаша Дела.
Вайнехан пантеон кхин долчу Iеса къаьмнийн пантеонах тера хилла. Масала, желтойн мифологера Прометейх нохчаша Пхьармат олуш хилла. Иштта церан мифологехь хилла инзаре даккхий адамаш – Нарташ. Ламанца баха хевшича, нохчийн тукхамаш гергара тейпанашна, гаранашна декъаделла, шаьш бехачу меттигийн йа, шаьш схьадевллачу дайн цIерш а оьцуш.
Ткъа кхин берш ламанца биссина. Цигахь дахаран хьелаш мел хала делахь а даьхний а лелош, Iаш хилла уьш.
ХIора аьхка ломара нохчий тогIенашка охьабуьссуш хилла охьара нахера кIа эца а, иштта цхьацца сурсаташца цаьрца хийцамаш бан а.
Нохчийн маьрша дахар тIекIалдаьлла вайн эрал хьалха хиллачу 6-чу бIешарехь. ХIетахь царна тIелетта киммерийцаш а, скифаш а, иштта ГIажарера къаьмнаш а. Цара чубеъна тIом бахьана долуш, аренца болу нохчийн шайн ломара вежарий болчохь кIелхьарабовла дезна.
Цхьажимма шайна чу са деъча, нохчаша шайн махкара скифаш дIалаьхкина, амма уьш дIабахана дукха хан йалале, царел ницкъ болу а, хьекъале а мостагIий баьхкина нохчийн махка – сарматаш.
Церан ардангаша дIалаьцна йерриге а нохчийн аренаш. Соьлжа хих кхеташ долу Марта ахканан цIе а сарматийн «беллачийн ахка» олучу дашах кхоллайелла йу олуш ду.
Итта шарешца цаьрца къиссам а латтийна, нохчаша толам баьккхина. Ткъа Кавказехь йиссинчу сарматийн жимачу тобанах кхолладелла ду олуш ду хIирийн къам.
Масех бIешарахь нохчий маьрша Iаш хилла, ткъа Сийлахь Кавказан къилбехь византийцаш а, гIажарий а хилла тIемаш беш, Кавказана тIехь олалла дан бакъо къуьйссуш.
Царех уггаре а коьртаниг хилла Гуьржийн элалла. Цо шен тергоне лаьцна Сийлахь а, Жима а Кавказан йукъахь мел йолу хьаьрма.





