На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — История, Документальная литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
🔍 Загляните за кулисы "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Бенедетти Франческо) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
📚 Читайте "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Iаьрбойх а, иштта аренца даьлла лелачу къаьмнех а шаьш ларба Iалашонца гуьржиша гIо деш хилла кегийчу къаьмнашна а шайн пачхьалкхаш кхолла.
Иштта кхоллайелла кху заманан Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанашна тIехь Iиллина Дзурдзухети а, иштта, Нохчийчоьнан къилба-малхбузехь хилла Симсир элалла а.
Ила цIе йолчу паччахьа куьйгалла а деш элийн тобано (Узден) феодализман кепехь латтанийн дола деш хилла. Халкъхой олучу маьрша нехан аьтто хилла герз лело, ткъа йалхой а, леш а церан куьйг кIелахь хилла.
Цу муьрехь нохчаша бакски а, шотландски а, иштта ширачу Германин а кепехь шайн социальни система кхоьллина.
Доьзала коьрта меттиг дIалоцуш хилла социальни дахарехь. Доьзалшах кхоллалуш хилла некъий, ткъа церан декъашхоша цхьаьна къахьоьгуш хилла даьхний лелорехь а, латта ахарехь а.
Амма социальни структура йоттарехь коьрта цIурко тIулг буьллург тейп хилла. И дош Iаьрбойн «Тайфа» олучу дашах схьадаьлла ду олу. Тейп кхоллалуш хилла итт эзар а, кхин а сов адамех.
Церан куьйгалла деш хилла Мехк-Кхела – иза къанойх а, иштта махкахь уггаре а дика цIе йоккхучу а адамех лаьтта, къоман шатайпа гулам бу. Цо оьшучохь нийса кхел а йеш хилла, иштта аха латта а билгалдеш хилла, тIом болуш киртиг тIенисйеллехь, бIаьхой а вовшахтухуш хилла.
ХIора а тайпанан шен цIейаххана да а хилла а, иштта шен лам а хилла. Цу ломахь цхьаъ йа, масех бIов хилла. Цу бIевнашкахь нохчий бехаш а хилла, иштта цу бIевнаша йоккха меттиг дIалоцуш хилла мостагIийн бIо йухатохарехь.
Карарчу хенахь Нохчийчоьнан лаьмнаш дуьзна ду и тайпа бIевнех. Царех цхьайолчарех йиссинарш херцарш бен йац, ткъа цхьа йерш хIинца а дика лаьтташ йу.
Нохчийн лаьмнашкахь хIинца а лаьтта эзар шо хьалха йоьттина хилла и тIулгийн инзаре лекха гIаланаш.
Къаноша нохчийн къоман истори Iаьрбойн маттахь йазъйина ларйина тептаршкахь. Цу тептаршкахь, исторически хиламех лаьцна долчу дийцарел совнаха, нохчийн бакъонан – Iадатан лехамаш а хилла дIайазбина.
Тейпанаша наггахь шайн конфедерациш кхуллуш хилла цхьацца Iалашонца, масала мостагIашна дуьхьало йан, чIир йита, ши тейп берта дало а, кхин дIа а.
Цу цхьаьнакхетараллех Тукхум олуш хилла. Карарчу хенахь уьш исс ду, царна йукъа догIуш ду ши бIе гергга тейп.





