На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — История, Документальная литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
🔍 Загляните за кулисы "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Бенедетти Франческо) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
📚 Читайте "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Кавказана тIехь олалла дан бакъо къийссина ширачу цивилизациша, царех хIораммо цу исбаьхьа лаьттахь шен лар а йитина – динахь, архитектурехь, топонимикехь.
Дуьненан маьI-маьIIера схьаоьхучу мостагIаша деш долу тIелатарш бахьана долуш, Кавказан къаьмнаш доьлла хилла дуьнен чохь даха даима шайн бакъо къийсса йезаш хиларца.
Цу халачу хьолехь даха Iамарал совнаха, уьш Iеминера доьналлица мостагIашна дуьхьало йан а.
Шайн паргIато а, Даймехкан маршо а бахьанехь даима латто безаш хиллачу къийссамо цхьа шатайпа чIогIа тIера хилийтина уьш Даймахкана, шаьш схьадевллачу меттигашна.
Цу къаьмнийн къорзачу куза юкъахь Нохчийчоьно дIалоцуш йу вуьрхIитта эзар квадратни чаккхарма. Оццул хила тарло Галлес а. Нохчийчоь иза бIе кхузткъа чаккхарма йохалла а, бIе чаккхарма шуьйралла а йолу нийсасаберг йу. Нохчийчоьно милла а цецвоккхур ву шен Iаламан шатайпаллица.
Къилбаседара Къилбе кхаччалц некъ беш, вайн бIаьргашна йелалло йист йоцу шуьйра аре, ткъа йуха и буц-аре хийцало аьхначу аренашна, цигара гучуйовлу Теркан – нохчийн уггаре а доккхачу ахканан хин йистош.
Теркана тIехдевлча, вай кхочу аллювиальни аренашка, цигара Теркан дукъ олучу баьрзнаш тIехьара йолалло кхин цхьа шуьйра тогIе. Цунна тIехдолу Соьлжа цIе йолу нохчийн кхин цхьа ахка. Иза Теркал дуккха а жима ду, амма нохчашна чIогIа мехала а, деза а хеташ ду.
Соьлжа йерриге а Нохчийчухула тIехдолу малхбузера малхбале кхаччалц, эзар шерийн йохаллехь Нохчийн аре кхоьллинчу, сиз хьаькхча санна богIучу некъаца. Кхузахь йу республикера уггаре а йаьккхий йарташ, иштта Нохчийчоьнан коьрта шахьар Соьлжа-ГIала а.
Соьлжа-ГIала нийсса республикин йуккъехь йу. Цигахь веха кхо бIе эзар сов стаг. Аренан къилбехьара дIа чIожашна тIехдовлу ламанан гIовгIане Iовраш. Цигара нийсса ирхнехьа хьаладевлча, вай кхочу Нохчийчоьнан Къилбе – луьстачу хьаннийн цу буьрсачу махка.
Нохчийн къоман истори дIайолало 6000 гергга шо хьалха, хIетахь церан дай Месопатамера кхуза схьабаьхкинчу хенахь дуьйна. Цхьа мотт буьйцучу шортта тукхамех лаьтташ хилла и къам. Царех олуш хилла Нах. Цу дашца кхоллайелла йу цу къоман цIе – НАХИ, НОХЧИ – Нохан къам.





