На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Ткъа иза важа куьйгаца тассавелла хилла диттан га цуьнан йозалла ца лаелла, татанца кагделира, ткъа кIант карахь пису а долуш лаьтта охьавуьйжира шен хеча а йатIош, ткъа пису-м могуш-маьрша цуьнан карахь дара.
– ХIара ду-кх хьан пису – самукъне дIакховдийра цо Фатике кIорни.
ХIетахь дуьйна воккхах волчу вашас санна терго йора цо йоьIан. Балкхаре дIайоьдучу хенахь, цо чIогIа сагатдора Мушнина, сатуьйсура йуха а Сванете кхача.
Иза элийн ширачу тайпанера схьаваьлла вара. Церан тайпа хIинца хьалха санна хьал долуш дацахь а, амма РатианигIар шайн доьналлица бевзара йукъараллехь.
Кхойтта шо кхаьчча Фатикана везавелира Мушни, ткъа цуьнан безам жоп доцуш а ца биссира. Кавказан дукъа тIера уггаре а кхераме йолчу ирхенашкара гулдинчу зезагийн курсаш кхоьхьура цо йоьIана. Цуьнан санна ламанца лекха хьалавала ка йолуш Мушнин доттагIа Хергиани бен вацара.
Ткъа хIинца Фатикин лаахь а, ца лаахь а нохчийн обарган зуда хила йеза. Цунах лаьцна дукха дуьйцу Кавказехь. Фатикина иза хьалха а гинера, ткъа тахна иза йехха хьоьжура цуьнга.
Ахия цIа вогIуш вацара. Цуьнан вешин Асхатан а, Мушнин а сацам хилира Кутас Фатика Кундетово дIайуьгучу хенахь иза цуьнгара йаккха. Цу гIуллакхна цара вовшахтуьйхира уггаре а доьналла долчу итт балкхархочух тоба. Iуьйранна сатоссуш, уьш тIелатар дан дезачу меттигехь бара.
Делкъа хенахь уьш говраш хаьхкина кхечира, тамашийна хаамца: нускал Кюнлюме, Ахия волчу далош ду, той а кхузахь хир долуш ду.
Балкхархой цецбевллера: хIорш даккха гIиртина нускал, кхарна тIе доссош ду. Иза цкъа а хезна а, гина а доцу хIума дара.
– Делан кхел йу иза, цунах цхьа а ваьлла вац, йа иза цхьаьнга а хийцаелла а йац – гIийла велакъежара дог диллина Мушни.
– Кута а со санна Ахиян доттагIа ву, цундела со шуьца Кюнлюме дIавогIур ву, ткъа йуха массеран а Iодика а йина, сайн Даймахка дIагур ву – элира Мушнис, шен сингаттам ца лечкъош.
Уьш кIотара схьакхаьчначу хенахь Ахиян кертахь шортта нах бара гулбелла: Ахиян да Тавшур а, церан цIийнах воккхах волу къано Абрек а. Уьш массо а хьоьжуш бара нускал схьакхачаре. Ахия кертахь цхьацца дезарш деш вара. Геннара схьакхетара кхехкочу жижиган хьожа.




