На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
– Ахия, ас доьху хьоьга, цкъа мукъне а иза ган гIо де суна! Нагахь санна и реза йелахь тхойшиъ дукъа тIехьахула сан махка дехьадер ду, цигахь иза нохчочунна а карор йац – дехарца шен доттагIчун бIаьра хьоьжура Мушни.
Цуьнан гIийла хьежаро дог Iийжадора балкхархочун.
– Дер лаа ма дац иза ша дерриге а – дагалецамаш кего волавелира Ахия. Суна Кута дика вевза. Суна дика девза цуьнан къам а, тайпа а. Со дукхозза хилла иза схьаваьллачу Довта-МартантIехь. Цо цкъа а лачкъор дацара нехан ирс, цуьнан дерриге а дахар нах ирсе барна лерина хилча – шена хезначух ца тешара Ахия.
Кундетово олучу шен кIотара цIа веъча, Мухарбис тIедогIучу кIиранан денна кечам бе элира Фатика маре йала.
Жима бер долчу хенахь дуьйна цо даима а тамаша бора Мушних а, цуьнан доттагIчух Хергианих а ша дейиша йолчохь Сванетехь хьошалгIахь йолчу хенахь. Фатикан пхи шо дара Сванетехь цуьнан жима цициган кIорни дитта тIе а даьлла, цу тIера охьа ца доссалучу хенахь.
Иза йоьлхура, ткъа довхачу бIаьрхийн Iовраш цхьаъ цхьанна тIаьхьа охьауьдура цуьнан ховхачу бесниш тIехула. Йоьлхуш йолу йоI гира цу урамехула богIучу кIенташна. Царех цхьаъ сецира.
– ЙоI, хьо хIунда йоьлхуш йу? – хаьттира царех цхьаммо шен кучан пхьошаца йоьIан бIаьрхиш дIа а цIандеш.
– Сан кIорни, цициган кIорни – къурдаш деш гайтира йоьIа диттан гаьннашах тассаделла Iаш долу жима пису.
– Эла, хьавола! – кхойкхура кIанте цуьнан накъостий. Амма иза уьш тергал ца беш дитта тIе хьалавелира, кагдала доллучу дуьткъачу гаьннах а тийссалуш. КIантах кхераделла пису кхин а лаккха хьаладелира. Ша дерриге а дицделла хьоьжура массо а хуьлучуьнга. КIант пису схьаэцна ваьлла аьлла хеттачу хенахь, га кагделира, амма цо тIаьххьара катуьйхира кIорних.




