На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
– Хьо-м дийна хиларал совнаха, могуш а хилла! – велавелира Тембот. – Хьо чIогIа лазийна аьлла хезнера тхуна. Мисостаца а, Танаца хьо волчу Довта-МартантIе догIур ду аьлла а дара тхо-м. – Тембота эккхийтинчу гIовгIанна арабевлира луларчу керташкара ламанхой, амма Кутина хаьара вежараллин йовха уьйраш йолчу ГIебартан йуьртахь шена кхераме хIумма а доций. ХIара Темботаца къамел деш воллушшехь, ламанхойх цхьаммо Мисосте хаам бина хилла Кута Кушмэзыкъуевохь ву аьлла. Ша мох санна сихвелла кхечира Мисост. Обаргана уллохь гулделла адам дIасатоьттуш, маравоьллира цо Кута.
– Ассаламу Iалайкум, сан ваша! Ма воккхаве со хьо могуш-маьрша сайна гуш. Мисоста цIехьа вигира обарг, ткъа Темботе а, кхин болчу ламанхошка а элира:
– Кута, гена некъ бина гIелвелла ву, буьйсанна наб йина вац. Цундела цкъа садоIур ду цо, тIаккха сарахь со волчу гуллур ду вай массо а, дууш-молуш, цхьаьна мерза хан йаьккха. Ламанхой реза хилла дIасабахара, суьйрене сатуьйсуш. ГIебартахь чIогIа лоруш вара нохчийн обарг, цундела хIоранна а лаьара, цуьнан доьналлех дуьзначу сибатах бIаьрг тоха а, цуьнан къамелашка ладогIа а.
Олхазаро тIам тоьхча а хезар долуш, тийналла йоьссира Мусостан кертахь. Хьаша-да сий долуш тIеэцаро йоккха меттиг дIалоцу гIебартойн къоман амалехь, цундела жима а, воккха а Куте наб йайта а, садаIийта а лууш, совнаха гIовгIанаш йеш вацара. Ткъа Кута-м дукха ца виссира мерзачу набаран йийсарехь. Дечиган маьнги тIехь Iуьллура иза, шен дахаран ойланаш йеш. Кху чохь шен дахаран ткъе итт шо хан ма йаьккхинера кхуьнан дас – Довта-МартантIера ГIезин кIанта Маьхьдис, цундела кху йуьрта а, кху хIусаме а кхаьчча, ша сийлахь йезачу Макке кхаьчча санна ма хетара Кутина.
– ХIун ойланаш хилла те цуьнан? Хиллий те кханенга сатийсам, йа цуьнан берриге а лаамаш мостагIашна йекха йезачу чIираца боьзна хилла теша? – ойла йора Кутас. ХIоразза а ша кху хIусаме веъча, Кутас даггара баркалла олура гIебартошна, цара хIара чоь хийцам боцуш йитарна.
– Ассаламу Iалайкум! – самаваьккхина хир ву ас хьо? Цхьа жимма мукъне а садаIар хиллий хьан? – Кутина улло охьалахвелира гIебарто.
– ВаIалайкум ассалам! – дегI нисдеш, гIаьттира Кута. – ЧIогIа дика наб йира ас хIумма а новкъа доцуш.





