На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Эла цIе йолчу кхуьнан говрана дика девзара хIара некъаш, цундела буьйсанан йуккъехь атталица чекхлелхара иза мел дуьткъачу ламанан тачанашкахула. Амма Урух хих гечохула болуш, кхуьнан дин цIеххьана терсира. Хетарехь говрана бевзира шен Даймохк. Масех чаккхарма бен генахь ма йацара хIара говр йина а, кхиъна а йолу йурт. Дер дика ма йевзара Кутина Кургакора эцна, эла Шарданов Берда кхунна совгIатна йеллачу говран амал. Кхийтира обарг говран аьрха са Даймехкан хIаваъ девзина терсаш хилар.
Кутина цIеххьана дагатессира ГIебартара Урух хи йистехь йолу Прямая пядь цIе йолчу йуьртара Кургако волчу цо шена цIе тоьхна йитина хIара говр иэца ша веана де.
– Дер ма ирча тIаьхьалонаш хила тарлора цу дийнан нагахь санна Шарданов Берда шен амал хьалхатоттуш, Кутин биллам тIеэцнехь, говр тарраш тIехь къевссинчун хир йу аьлла, амма гIебартойн эла йаьхь а, кхетам а, лаккхара син-оьздангалла а йолуш хиллера. Цо обаргана совгIатна ийцира хIара дин, цул совнаха обарге шен хьошалла а кховдийра.
– Шек ма вала хьо, сан тешаме доттагIа Эла! Цкъачуна шортта чекхдаккха дезаш гIуллакхаш ду вайшинан, амма Дала мукъ лахь кестта ас гойтур бу хьуна хьан Даймокх, хьо лерина лелийна волу Кургако а, хьан доттагIий хилла гIебартойн дой а, хьо вина хилла кхал – хьан нана Псыдахэ а.
Аьрру агIор Нальчик а йуьтуш, Кушмэзыкъуей (хIинцалера Баксан гIала) олучу йуьрта хьажийра цо шен говр. Нальчик гIалина шийтта-пхийтта чаккхарма гена йоцуш Iуьллучу цу йуьртахь бехара Кутин ден уллера накъостий. Уьш болчохь буьйса а йоккхуш, жимма садаIа сацам бира Кутас. Обарган ден тешам болу хилла накъостий бара уьш – гIебартойн элий. Кутина хаьара дахарехь муьлхха а чолхе киртиг тIеIоттайелча, царех теша мегар дуй. Буьззина къонахийн а, Кавказан бакъ болчу ламанхойн а масала дара и гIебартой.
Сийна Iуьйре стиглахь йаьржачу хенахь кхечира Кута Кушмэзыкъуей йуьрта. Говре меллаша ког боккхуьйтуш воьдура иза Алхасан кIентан Мисостан цIа долчу агIор. ЦIеххьана цхьаммо мохь туьйхира:
– Кута! Хьо вац иза?!
Шена тоьпан лаг озо кийча, йухахьаьжира нохчийн обарг. Цуьнга мохь тоьхнарг хиллера Мисостан маьхча Тембот. Кута сиха говрара вуссуш дегайовхонца маракхийтира ша гина хазахеттачу гIебарточунна.





