На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «ЧIир. Роман» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
ЧIир. Роман

Автор
Дата выхода
07 сентября 2022
🔍 Загляните за кулисы "ЧIир. Роман" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "ЧIир. Роман" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Хараев ИбрахIим) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.
📚 Читайте "ЧIир. Роман" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "ЧIир. Роман", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
ХIоразза а шен дахарехь цхьа чолхе киртиг тIехIоьттича, Русланна дагатоссура сийлахь дезачу КъорIанна йукъара дешнаш: «Дала адаман лан ницкъ кхочур болу бала бен боссор бац.»
Микаил шен скейтборд лаьтта охьа а кхоьссина, цунна тIехь хахкавелла, урамехула охьавахара. Руслан меллаша машенаца кIантана тIаьхьавахара. Пхи минот йалале цунна гира «Санта-Кларитин» скейтпарк аьлла йоза. Руслан кхийтира мичахь каро мегар ду Микаил.
Дукха ойланаш а йина, эххар а Русланан сацам хилира, кхана кхуза Микаил волчу а веана, цуьнга ша цуьнан ден накъост ву ала, ткъа цул тIаьхьа дагахь доцуш Кантина хьошалла дан.
Ткъа цкъачуна Русланна лаьара мелла а шен кIентан тидам бан, жимма а цуьнан амалах кхета.
Паркан пена тIехь йоза дара: «Шлем йоцуш хехкавала кхераме ду», амма и йоза Руслан воцучо цхьаммо а доьшучух тера дацара, массо а бераш коьртахь шлемаш йоцуш хехкалуш дара. Скейтераш охьабетталуш гича, Руслана ойла йира:
– Дала мукъ лахь уггаре а дика шлем а оьцур йу ас цунна, Рублевкехь скейт-парк а йийр йу.» Русланна дагахь а дацара Микаилана ша да хетар вац йа, Росси дIаваха цо дуьхьало йийр йу аьлла.
– Хьо мила ву?
Руслан вистхила ца ларош, парке схьакхечира сихачу гIоьнан машен. Лор цхьацца хеттарш луш вара Микаиле, амма Руслана цуьнга дош ца кхочуьйтуш жоьпаш дара луш. Микаил кхета гIертара мила ву и ца вевза стаг? Иза мичара ваьлла, стенна сагатдо цо ишта шена? ХIунда буьйцу цо нохчийн мотт? Лоьра Микаил лазаран цIийне дIавига веза элира, коьртана компьютерни томограмма йаккха.
– Воьдуш вуй хьо лазаран цIийне? – хаьттира лоьра.
– Хьашт дац аьлла хета суна цига ваха. Сан хIумма а ца лозу – элира Микаила.
– Дика ду! ТIакхха кху кехатана куьйг йаздан деза, шен лаамехь лоьрийн гIо тIе ца эцна аьлла, амма хьо хIинца а берхIиттара валанза хиларна, куьйг йаздан бакъо ден йа, ненан бен йац. – Элира лоьра.
– И хала дац. Со ву кху кIентан да – элира Руслана, лоьра схьакховдийначу кехата тIе куьйг а йаздеш.





