На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «ЧIир. Роман» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
ЧIир. Роман

Автор
Дата выхода
07 сентября 2022
🔍 Загляните за кулисы "ЧIир. Роман" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "ЧIир. Роман" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Хараев ИбрахIим) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.
📚 Читайте "ЧIир. Роман" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "ЧIир. Роман", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Уггаре а чIогIа иза цецваьллера, дуьнен чохь цIейаххана болчу артисташца а, спортсменашца а Русланан суьрташ гича.
– ХIара а Соьлжа-ГIалахь ду?
– Ду, Яша! Соьлжа-ГIала дика йевза дерриге а дуьнен чохь, ткъа цIейаххана бевзаш болу артисташ, спортсменаш, политикин гIуллакххой хазахетарца оьху тхо долчу хьошалгIа – дозаллица жоп делира Руслана.
– Боккъалла а, доггах чIогIа воккхаве со, шун къомах а, махках, амма даима сан коьртехь лаьтташ хиллачу хаттарна жоп кариний хьуна? ХIун бахьана долуш лачкъийнера хьо хIетахь? Со-м хьал долчу доьзалера ву аьлла, ахча даккха лачкъийнера, ткъа хьо?
– Цу хаттарна жоп лаха веана ма ву со Iамаьрка.
– Кхузахь ду?! – цецвелира Яков.
– Ду! ДагадогIий хьуна, хIетахь цу тоьла чохь, ас сайн шо кхаьчна кIант ву элира-кх хьоьга?
– ДагадогIу дер!
– ХIетахь дуьйна кхин суна гина вац хьуна иза. Иза а цара лачкъийра. Амма суна иза карийна. Сан кIант Лос-Анджелесехь ву.
– Лос-Анджелесехь??? – Яков Iадийнера.
– Лос-Анджелесь ву иза.
– ДагавогIу!
– Цуьнан цIе Канта йу. Иза кхузахь Лос-Анджелесь Iаш ву, сан кIентан да ву ша а боху цо.
ХIинца кхийтира Яков хIунда веана Руслан Iамаьрка, амма хIара бахьана хир ду аьлла цкъа а моьттур дацара цунна. Яков вехха хьоьжура Руслане. Доггах цунах къахийтира Яковна. Иза кхетара мел чIогIа замано зийна ву Руслан, мел дукха баланаш лайна цо шен дахарехь, амма хIете а диканах дог диллина вац иза, дог чIагIделла вац иза.
– Ас хIун гIо де хьуна? – хаьттира Яковс.
– Яша, суна цкъачуна ца хаьа. Суна уггаре а коьртаниг ду вайшиъ гина а, суна эшначу мIаьргонехь, ваша хилла суна улло хIотта хьо волуш а. Яша, йалхийтта шарахь гIенахь бен гина ма ваацара суна иза… йалхийтта шарахь, ткъа хIинца иза кхузахь ву, кхетий хьо? Кху гIалахь веха иза, кху урамашкахь дIасхьалела.
Йуха а тийналла йоьссира, йуха а дагалецамаша вадийна цу боьхачу тоьлане вигира ши накъост.
– Руслан, кIантаца дерг-м къаьстина даьллера, ткъа цу стагана хIун дан воллу хьо? Оцу Кантина? Цо дахар кагдина хьан, бакъ долуш. Со-м кхоьру, иза гича, ахь цхьа хьашт доцург дарна. Собаре хила веза. ДагадогIий хьуна, ахь соьга олуш, хIора а стагаца дика а, вуо а ду, ткъа Далла иза ша дерриге а гуш хуьлу.





