Главная » Серьезное чтение » Читать Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман полностью бесплатно онлайн | ИсмаIал Акаев

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.

0 баллов
0 мнений
8 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

🔍 Загляните за кулисы "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты

Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (ИсмаIал Акаев) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

📚 Читайте "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно

Перед вами — полная электронная версия книги "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Цхьа Ислам вара дуьненан гIайгIанах мокъа, шен да-нана хIора а дийнахь ирсе дарий бен кхин декхара тIехь доцуш. Кхо шо даьлча цIено а чекхделира. Керлачу хIусаме керлачу доьзалхочунца дIадолийра шайн дахар ИбрахIимгIара – дуьненчу йелира йоI Лиза.

Бохам

I

Моьттура кхане сирла а, ирсе а йу. Амма буьрсачу Iай лаьмнашкахь хьаьттарш санна, тамашийна, кхета а, маьIна дан а хала болу хиламаш тIехецабелира адамашна. ХIора а де шеца инзаре хийцамаш бохьуш догIура. Хеталора эзарнаш, миллионаш адамийн дахаран мах белла йоьттина хилла, и цкъа а йухур йоцу СССР цIе йолу гIап тховса ша цIелиг санна охьахаьрцаш йу.

Тут будет реклама 1

Халкъ Iадийна дара. Массеран а кхоьлина йаьххьаш тIехь гуш йара гIайгIа, хин дерг ца хааро кийра боссийна болу и кIорга сингаттам а.

1991-чу шеран хьаьттан (август) беттан 18-чу дийнан хиламаша Нохч-ГIалгIайн республике керла баланаш беара. КПСС-ан ОБКОМ-ан секретарь волчу Завгаевна бухара гIант а лестира. Иза СССР пачхьалкх кхоьлличхьана дуьххьара нохчо вара и тайпа лаккхара дарже хIоттийна волу.

Тут будет реклама 2
Москвас бехк биллира цунна ГКЧП-ца йолчу йукъаметтигехь иза йуьстах ваьлла аьлла. Схьахетарехь Москванна иза кхин оьшуш вацара.

1990-чу шеран хIутоссург (май) баттахь Вайнехан демократически партис Нохч-ГIалгIайчохь кхин дIа хин йолчу политически процессашкахь мехала дакъа лецира. 1991-чу шеран мангалан (июль) баттахь республикин политически жайни тIехь хIинцалц йевзина а, хезна а йоцу цIе гучуйелира – Дудаев Жовхар. Халкълахь цунах лаьцна иза генерал хилар а, тейпан йалхаро а, цуьнан зуда оьрси хилар а, иштта цуьнан гергара нах Катаямехь бехаш хилар а бен кхин хууш хIума дацара.

Тут будет реклама 3
И хаам кIезиг бара къоман тешо Дудаевс йаьккха а, къоман куьйгалле иза хIотто а. Эстонин Тарту гIалин тIеман гарнизонан хилла комендант Дудаев Жовхар Соьлжа-ГIалара Нохчийн Къоман Вовшахтоьхначу Конгрессан (оьрсийн маттахь доцца цунах ОКЧН олура) председатель хаьржинера. Москвас гIо ца деш и хуьлийла а дацара.

ГКЧП сий дайна йоьжначул тIаьхьа рагI ОКЧН-ехь йара.

Тут будет реклама 4
Соьлжа-ГIалин урамашка цкъа кегий, йуха йаьккхий митингаш дIайахьар долийра. Оцу кегийчу тобанашка йаьккхийчу дивизишка а ца далуш дерг а дан ницкъ кхочура. Тамашийна хьелаш нисдаларца дIалецира МВД а, КГБ а, ткъа пачхьалкхалин и баххаш лардаран гIаролехь лаьтташ масех белхало бен вацара, цаьргахь а массаьргахь табельни герз а дацара.

ЦIий ца Iанош хилира и структураш дIалацар. Эскаро Iедална дечу цу зуламна цхьаьна а кепара дуьхьало ца йира.

Добавить мнение

Ваша оценка книги

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

О книге «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман» ещё никто не оставил отзыв — у вас есть шанс стать первым, чьё мнение задаст тон всему обсуждению! Поделитесь впечатлениями, эмоциями, замечаниями или рекомендациями. Ваш отзыв не только добавит живого голоса к произведению, но и поможет будущим читателям понять, стоит ли им открыть эту книгу. Не держите мысли при себе — ваше слово имеет значение!

Похожие книги