Главная » Серьезное чтение » Читать Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман полностью бесплатно онлайн | ИсмаIал Акаев

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.

0 баллов
0 мнений
8 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

🔍 Загляните за кулисы "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты

Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (ИсмаIал Акаев) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

📚 Читайте "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно

Перед вами — полная электронная версия книги "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Шуьца догуIш кхин а хIумма дац тхан.

Минот а ца йелира «хьеший» шайца цхьаьна шайна тIедеана эхь а хьош, йуьртара къайла бовла. Йуха а массарех а хьаьрчира тийналла. Де суьйренга лестара. ЦIийелла йогура стигал. Алу хилла догура гулбеллачеран дегнаш. И деган лазам бIаьрхишца Iийдалора церан кхохкийначу йаьххьаш тIехь. Цара тахана делхош дерг сий дара, Ахьмада а, цуьнан тайпано а охьайиллина нохчалла йара цара йелхош йерг. Кхузахь, таханна хIоьттина хиллачу суьрто дукха Iадийна, цец баьхна уьш, цхьа а вовше вист ца хуьлуш, дIасхьакъестара.

Тут будет реклама 1
Ахьмадан векалш хила баьхкинарш массо а цIехьа бирзира, цхьа Абу-Хьаьжи виссалц. Иза вехха лаьттара Заурбекан кертахь лаьттан бIаьра а хьоьжуш. Дукха гинера, дукха лайнера, кхолламо а, адамаша а, замано а хийлозза цхьатерра къизаллица зийначу къаночунна ца моьттура, берхIиттара ваьллачу жимхан доьналло ша тховса Iадор ву. Цу кIанта гулделлачу халкъана хьалха и тайпа къамел деш лардеш дерг шен йишин сий хилла ца Iара, цо къуьйссуш дерг нохчийн къоман сий дара, цу къиссамехь кIанта дьоьналлица толам а баьккхира.
Тут будет реклама 2
Абу-Хьаьжи кхетара цунах. Воккхачу стагана хIара доьзал а, хIара керт а тховса боккъалла а сийлахь хетара, хIунда аьлча цара шайн доьналлица, шайн лаккхарчу син-оьздангаллица нохчаллина цкъа а бухур боцу хIоллам боьгIнера кхузахь. Цунна ца лаьара кхузара дIаваха. Цунна лиира кху нахаца марзо оьцуш пхьор дан а, кхин а хан йаьккха а. Шина доьзало гайтира мел къаьсташ хилла царна «Сий» боху и сийлахь кхетам.
Тут будет реклама 3
Шен сий кIезиг хеташ верг бен кхевдар вац нехан сийнна тIе. Цуьнан къеггина тоьшалла дара тховса Ахьмада динарг.

ИбрахиIм кхин меттах ца волуш лаьттара. Иза генарчу паналле хьоьжура, суьйрено Iанийначу боданехь дагна гергара дерг каро гIерташ санна. Бетерсолта тIевеара цунна. ИбрахIим къевлина шен мара а вуллуш, воккхачу стага элира:

– Сан хьоьца болу ларам тахана чIагIбелла… сан бIаьрг буьзна хьоьх!

Бетерсолта гена ваьлча, ИбрахиIмана хезира шен лере а таьIна, воккхах волчу вашас аьлларг:

– Баркалла хьуна собаре хиларна.

Тут будет реклама 4
Суна хаьара хьо цкъа а ледар хир воций.

Буьйсано йуха а шен йийсаре лецира и хIусам, амма кхузахь вижанза шиъ вара… церан дагара дийца шортта хIума а дара…

Эскар

I

ИбрахIим массо а эскаре кхайкхина кегий нах санна хIинцале чекхваьллера тIеман-медицински комиссих а, тIеман комиссаран хьехаре ла а доьгIнера цо.

ТIекхечира гуларийн де.

Добавить мнение

Ваша оценка книги

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

О книге «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман» ещё никто не оставил отзыв — у вас есть шанс стать первым, чьё мнение задаст тон всему обсуждению! Поделитесь впечатлениями, эмоциями, замечаниями или рекомендациями. Ваш отзыв не только добавит живого голоса к произведению, но и поможет будущим читателям понять, стоит ли им открыть эту книгу. Не держите мысли при себе — ваше слово имеет значение!

Похожие книги