На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
🔍 Загляните за кулисы "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (ИсмаIал Акаев) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
📚 Читайте "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Ткъа цIий чехка ИбрахIима иза шен йиша сийсазйан гIортар, цунна тIе ницкъ бан гIортар санна тидинера. Амма нагахь санна ларамза хилларг ИбрахIима шайна тIедеана эхь санна лоруш далахь тхо шуна хиллачу васах мах дIабала а реза ду, – нахана йукъахь реза ца хиларан гIугI хезира, ткъа хьашас иза тергал ца деш шен къамел дора, – тхо кхета жима къонахчун дегаллех, сонталлех, цундела вайна йукъахь машар баран некъа тIехь хьалхара гIулч йаьккха кийча а ду, богIу мах дIалуш. Иза цхьаъ ду! Ткъа шолгIаниг – цу хьокъехь муьлхха а къамел тхо цу зудчун марзхошца дан реза ду, хIунда аьлча иза церан цIентехь йу.
Нахана йукъахь соцунгIа хилира. Ткъа йуха Зарганан мардас дош дийхира:
– Масех шо ду Заурбекан йоI сан хIусаме йеана. Оцу кепара хIетахь дуьйна тхан доьзалшна йукъахь гергарло ду. Зарган сунна нус хиларал совнаха, йоI санна дукха йезаш йу. Цуьнан догцIеналла, цуьнан оьздангалла суна дика йевза. Таханлерачу дийнахь ас дукха хIума дIалур дара хIара киртиг тхуна тIехIоьттина ца хилийта. Нагахь санна Заурбека хIара гIуллакх къасторан урхаш соьга а йелла, ас уьш йухаузур хиларах шу сатуьйссуш делахь, иза эрна ду шуна.
– ТIаккха Заурбеке ду-кх дош! – элира Ахьмада векал вина ваийтиначу къаночо.
– ХIан-хIан! – реза ца хилира Абу-Хьаьжи. – Нийса хир ду вай цу хьолан теш хиллачуьнга ладогIахь. Кхин болу тешаш, ИбрахIима шен йишин сий лардеш, шен йишех куьйг Iоьттиначунна йеттар бен гина боцуш санна лелаш бу.
Эрна ца хилла Абу-Хьаьжин йукъараллехь ишта дика цIе йаккхар, цунна ШарIаца а, Iадатаца а доьзна дерг даима а сийлахь а, деза а хеташ дуйла бохуш халкъалахь дуьйцуш хилар.
Къамел муьлххачу хорше дерзахь а, СаьIид тешара шен вешех, иза жима валахь а цуьнан доьналлех а, цуьнан кхетамах а.





