Главная » Серьезное чтение » Читать Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман полностью бесплатно онлайн | ИсмаIал Акаев

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.

0 баллов
0 мнений
8 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

🔍 Загляните за кулисы "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты

Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (ИсмаIал Акаев) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

📚 Читайте "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно

Перед вами — полная электронная версия книги "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Луьралла дIайелира, цуьнан метта кхолладеллачу хьолан кхетам беара. Терзан тIе диллинарг йишин а, цуьнан хIусамден а, ИбрахIиман берриге а доьзалан а, тайпанан а, тукхуман а сий ду. Цу сийнна тIекхевдинарг бекхам боцуш вита йиш йац. Амма нехан нах бехке бац, уьш чот йоцучу зуламан бисте бига хьашт дац. Дас диначу хьехаре хьаьжжина, кху къиссамехь собаро баьккхира толам. ТIаьххьара шеконан чан шена тIера охьаэгош санна, ИбрахIима йухь-дуьххьал шен мостагIчуьнга а хьаьжна элира:

– Нагахь санна хьоьх жимма а боьршалла йиссинехь, хьо кхета веза айхьа диначун барамах! Мичахь хир ву хьо? Мичахь лаха ас хьо? ХIетахь, вайшиъ цхьанакхеттачу дийнахь кхолламо къастор ду сий дайна дуьненчохь мила вехар ву, йа ваххане а вехар вац.

Тут будет реклама 1
Суна ца лаьа тхайна хийра болу нах вайшиннах бен хьакхалуш доцучу гIуллакхна йукъаийзо. Амма хьуна дIахаийла! Хьо милла а валахь а, хьо миччахь а валахь суна – Тасуев Заурбекан кIантанан карор ду хьо сий доцу жIаьла! Сан кхиэлах, сан бекхамах хьо кху дуьненчохь кIелхьара а вер вац.

Дегочу моччахалца, цIийлуш, кIайлуш лаьттара Ахьмад.

Тут будет реклама 2
Ткъа йуьхьатIехь ИбрахIима диттинчу буйнашах йиссина таммагIаш йара гучуйуьйлуш.

Йуха а къамелана йукъаиккхира Ахьмадан некъахо.

Киснара кехатан кийсиг схьа а йаьккхина, цу тIе цхьаъ дIа а йаздина, иза ИбрахIиме дIа а кховдош, меллаша вистхилира иза

– ХIара дар-дацар дIадоьрзур ду… хIуммаъ дац…

– Хьо-м вац соьца и дIадерзо лууш, хIан? – цуьнан къамелана йукъаиккхира ИбрахIим. – Нагахь санна валахь йуьстахвала, ас гойтур ду хьуна дар-дацар дIа муха дерзадо.

Тут будет реклама 3
Нагахь санна вацахь, йахийта кхузара массара а, со дохко валале! Мацца карийна а, шу массо а каронза Iийр вац со!

Чубуза кечбелла малхо шен зIаьнарш йаржийра сийначу стиглахь. Шаьш йуьхьарлаьцна некъ-м Зарганна а, ИбрахIимна а бицбеллера. Киранан машентIехь хиллачунна баркалла а аьлла уьш дIасакъаьстира. Iелас цIа кхетийра Зарган а, ИбрахIим а.

Синтем бойна буьйса тIекхечира. ТасуевгIеран хIутIера гIаж таккхол мел верг гIаьттинера.

Сатассале арабевллера сийна «Волга» а, цу чохь хилларш а лаха.

Тут будет реклама 4
ИбрахIим воккхах волчу вешица СаьIидца республикин центральни ГАИ вахара, амма цигахь хIорш цецбохуш элира 90—44 ЧИС лоьмараш йолу машен а, кхи йолу техника а республикехь регистрации йина йац аьлла. Зуламхоша шайн лораш лечкъош дика къахьегначух тера ду. Адрес а ца хиллера нийса.

ДоьалгIа де дара ТасуевгIара уьш лоьху. ДоьалгIачу дийнахь СаьIидан бIаьрг кхийтира Соьлжа-ГIалин цхьаьна урамехь некъо гола туххучохь, дIаиккхина йоьду «Волга».

Добавить мнение

Ваша оценка книги

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

О книге «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман» ещё никто не оставил отзыв — у вас есть шанс стать первым, чьё мнение задаст тон всему обсуждению! Поделитесь впечатлениями, эмоциями, замечаниями или рекомендациями. Ваш отзыв не только добавит живого голоса к произведению, но и поможет будущим читателям понять, стоит ли им открыть эту книгу. Не держите мысли при себе — ваше слово имеет значение!

Похожие книги