На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
1938-чу шарахь кхарачойн къомера волчу Хубиев Османа йазйина «Обарг» цIе йолу повесть, 1957-чу шарахь адыга Керашев Тембота зорбане йаьккхина иштта «Обарг» цIе йолу шен повесть», 1978-чу шарахь зорбане йаьлла гIебарточун Шортанов Аскербин «Ламанхой» цIе йолу роман, 198I-чу шарахь Мамакаев Мохьмада йазйина «Зеламха» цIе йолу роман.
ЦIейаххана вевзаш хилла волу обарг Зеламха цо шен романехь гайтина социальни нийсо къуьссуш волу халкъан чIирхо санна. Обарган доьналла мах хадийна ца валлал лаккхара ду, амма цо тейпанийн йукъаметтигашна а, иштта Паччахьан Iедална а тоссуш бу и кхерам, ткъа и Iедал шайгахь мел лаккхара доьналла а, майралла а хиллехь, обаргийн хийца ницкъ бацара.
Социальни революцишкахула и Iедал хийцича бен аьтто бер бацара Iазапхоша дуьне гатдиначу къоман дахар хийца. Ишта йаздора историкаша а шайн Iилманан белхашкахь.
Амма билгал ца даккха йиш йац, тайп-тайпанчу регионашкахь карарчу хенахь социальни-экономически лард билгалйеш йолу йохка-эцаран йукъаметтигаша цкъачуна нах социальни нийсоне кхачийна бац, мелхо а цара адам декъна, харцонан керла кепаш кхоьллина, адамна тIехь къайлахь латточу Iазапан кепаш билгалйевлла, къоьлла гучуйаьлла.
Заманан йохалла Кавказан йаздархошна дицделла халкъана тIехь лаьтта социальни даI. Ткъа 2019-чу шарахь, цIеххьана вайн тиламе йолу дас а, йоьIа а Ратиани Мурмана а, Ратиани Мзияс йазйина «Горцы», ткъа карарчу хенахь нохчийн матте «Кавказан баххьаш» – аьлла цIе туьллуш, гочйина, зорбане йаьлла хIара роман.
Ала деза, кху романа суна боккха тIеIаткъам барал совнаха, оьрсийн маттахь ас хIара йешча, со инзаре воккхавера вайн меттан хазаллех, кIоргаллех. Нохчийн маттахь кхин тайпа хIутту кхузахь хIора а сурт, кийрахь цIе латош, дог-ойла ша аьрзу санна тIема йоккхий, ира-кара хIоттош, Орга санна пхенашкахь цIий кхехка.
Кху романа сан берриге а кхетам дIалаьцнера цуьнан агIонашкахь йовзийтинчу исторически факташа, адамийн шатайпа васташа. И роман бахьана долуш со кхечу агIор хьоьжура Россис къардинчул тIаьхьа, шайн маршонах, нийсонах девллачу Кавказан къаьмнийн а, Iедалан а йукъаметтигашка.




