На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Суна хетарехь дика хир ду Сванетера вай гена ца довлахь, тIаккха атта хир ду вайна Иликонна тIекхача. Ткъа хIинца вайшиъ соцур ву ширачу Мингрелин Зугдиди олучу коьрта шахьарехь. Цигахь веха сан стунден гергара стаг эла Дадиани. Вайна мел оьшу а кхераме хIумма а доцуш хан йаккха йиш хир йу вайшинан цигахь – обарга хIун олу ладугIуш вара эла.
– Со реза ву ахь бохучуьнца. Дика хир ду вай кIантана гена ца довлахь – реза хуьлуш, корта лестабора Кутас.
Зугдидихь накъостий гIалара ши гIатт йолчу, хаза кечдинчу ши гIатт йолчу цIено чохь дIатарвира.
Цхьа кIира даьлча, эла йухавеара:
– Кута, хьо Зугдидехь а витина, тхо Сванети ма даханера. Ас цигахь ши де даьккхира.
Кута гIайгIане вара. Цуьнан дагахь дерг хууш цхьа Дела бен вацара.
– Баркалла хьуна, эла! Дукха качвина аш со кхузахь. Мерзаниг йууш, кIедачу метта охьавуьжуш, суо обарг хилар а дицдина аш суна, цундела дIаваха веза со Нохчийчу. Ткъа кIантана тIаьхьа со йуха а вогIур ву – хьалаиккхира обарг.
– Кута! Вай хIинца со волчу Нигоити доьлхуш ма ду. Вайга хьоьжуш ма бу цигахь. Ас хаам бан стаг ма вахийтина.
Кута башха лууш вацара ишта гена Гуьржеха дIа чу ваха, амма Александра ша хьаша а валош вогIуш ву аьлла цIерчаьрга хаам бина хилча, ца вахча ца волура иза.
Кхин хье ца луш, накъостий новкъа бевлира. Гуьржехара Гурехь Кутина кхераме хIумма а дацара. Цигахь къинхьегамхойн гIаттам болабеллера. Къинхьегамхошна ца лаьара, хьоладайн латтанаш аренде а оьцуш, царна болх бан.
Цу боламехь дакъа лецира Гурийн ах бахархоша. Полици гIаттаман куьйгалхой дIалаца гIоьртира, амма Гурийн обаргаша полицин тоба хIаллак а йина, къинхьегамхой кIелхьарабехира.
Цу къизачу латаро гуттаренна а дог даьккхинера Iедалан цу йукъа гIерта, цундела цу латтанийн терго еш йара халкъан милици.
Хьоладайшца къиссам латто дуй бууш гIевттинера къинхьегамхой. Гурийн къинхьегамхойн болам хазахетарца тIелецира обаргаша а, иштта цхьа болчу эланаша а.




