На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Суна хаьа сванийн йукъараллехь чIир боху дош муха маьIна йолуш ду. Суна шуьгара оьшург гIо бен дац, ас цIий Iанаде ца боху шуьга. КIентан да а вийна элас шен цхьаъ бен воцучу кIантах чIир эцна. – Алу хилла догура Кутин бIаьргаш. Нохчийн зудчун дахар гIеметтахIоьттинчу шина къонахчун дахаран меха ду – элира Кутас, къона нохчийн зуда йалар дагчуьра ца долуш…
Кавказехь цу деношкахь кхин а чIогIа шелйелира. Цу хьолехь шен хьеший новкъа ца бовлийтира Ахияс. Цундела цара кхин а масех де даьккхира Балкхарехь. Накъостийн барт хилира бIаьста, жимма а некъаш аттачу девлча, Кута кхарарчойн элаца Крымшамхаловца Дадешкелиани элий болчу Сванете хьошалгIа а веана, церан гIоьнца кIант цIа верзо хьожур ву аьлла.
Цу тIехь барт хилла дIасакъаьстира накъостий. Мушни шен доттагIчуьнца Хергианица къоьжачу Кавказан ирхенаш рогIера йаха дIатасвелира, ткъа Кута шен накъостаца ГIебарта вахара, цигахь жимма са доIуш, хан а йаьккхина, Нохчийчу дехьавала дагахь.
Кхарачара Ислам
1901-чу шеран шело ца кхоош деана и буьрса Iа хуьйцуш, Кавказан лаьтта йоьссира къона бIаьсте. Баьццарчу духаро кечйира хьаннаш, ткъа бес-бесара зезагийн кузо хьулйира шера аренаш а, некъан йистош а. КхоалгIа де дара Кута Йоккхачу Кхарачара Учкулан олучу йуьртахь меттигера эла Крымшамхалов Ислам волчохь хьошалгIахь волу.
Масех эзар стаг веха йоккха йурт йара Учкулан.
Ши де хьалха Ислама шен нах Накра дукъал дехьара хьал муха ду хьажа дIахьажийнера, Гуьржийн махка дехьавалар таро хир йуй талла.
Кутас дийцира Исламе ша хIун гIуллакх эцна араваьлла ву. Кхарачойн элас тешо йира Кутина гIо дан ша шен ницкъ кхочург дийр ду аьлла.
ШолгIачу сарахь Крымшамхаловс бахийтина хилла нах цIа баьхкира. Цара хаам бира Гуьржеха боьду некъ биллина бу аьлла.
Кхин цхьа де даьлча, шен нах вовшах а тоьхна, Кута цхьаьна а волуш, кхарачойн эла Гуьржеха ваха новкъавелира. Арабаьккхина некъ атта бацара, ткъа лаьмнашка лекха хьала мел волу, иза кхин а чолхе а, хала а хуьлура. Амма Iаламан хазалло а, Шат-Ломан буьххьера схьахьоькхучу цIеначу хIавао а гIо дора Кавказан ирхенаш атталица йаха.




