На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Фатика-м цунна уллохь лаьтташ хиллачу Ахияс лаьцна ца хиллехь, кхетамчуьра йаьлла охьайуьжур йара.
Ткъа кхузахь гулбеллачу зударшна-м хала дара шайн бIаьрхиш сецо. Ма дагах кхеттера массарна а Кутас гайтина и цIена гIиллакх.
– Амма хIара гIуллакх ишта дIадерзо аьтто бер бацара суна орцах сан накъостий бевлла ца хиллехь – Наврузана а, Асланна а пIелг хьажийра Кутас. ХIара доладелчхьана йоьIан дена хууш дара оха иза элана йуьгуш хилар. Мичахь ву ша Мушни? Вада-м ца ведда иза? – Велакъежира Кута.
Мушни-м йуьстах ваьлла лаьттара. Иза кхоьрура Фатика гича ша вохарна, амма хIете а даго нуьцкъала ийзавора йезар йолчу агIор. Цунна хIума а гуш дацара йоьIан и нуьре амат бен. Цунна хIумма а хезаш дацара, цуьнан ойланехь тховса шех гуттаренна а къаьстар долуш йезаран васт дара. Иза хIинца а кхеташ вацара хуьлучух. Мушни ца кхийтира Фатика вуо хилла охьайожанза хIунда елира а, амма цунна бIагор беъча, иза йолчу агIор дIатассавелира Мушни, ткъа Ахияс иза охьа ца йожийтича, сецира.
ЦIеххьана кертахь тийналла йоьссира. Цунах цецваьлла сван ца кхеташ дIасахьоьжура. Массо а велакъажарца цуьнга хьоьжура, ткъа цунах эхь хетта Мушни-м кертара аравала гIоьртира. Амма Кута цуьнан некъ хадош, дуьхьалвелира. Ахияс шега аьлларг дагадеъна, Мушнис шен дерриге а доьналла гулдира тIаьххьара сатоха. Велакъажарца нохчочуьнга вистхилира иза, къаьхьа къурд шен легашкахь къуьйлуш:
– Кута мах боцу хазна йу хьоьга тахна къаьчнарг.
– Дика зуда хир йу аьлла хетий хьуна цунах? – сван хьийзо волавелира Кута.
– Цул дика а, тешаме зуда а, берийн нана а кху маьлхан дуьненахь карор йац хьуна – халла жоп луш йуха а дIаваха гIоьртира сван, амма иза куьйг лаьцна сацийра Кутас. Элан доьхначу дагах кхеташ волчу нохчийн обаргана ца лаьара иза кхин дIа хьийзо.
– Сан хьоме доттагIа Мушни! Ас даггара декъал во хьо Балкхарехь уггаре а хаза йоI йалийна, тахана доьзал кхолларца. Ларйелахь иза. Ларбелахь хьайн цIена безам. Таханлерачу дийнахь дуьйна Фатика сан дуй биъна йиша хир йу – доггах маракъевлира Кутас эла Ратиани.




