На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Дикаева Янина
I том
I корта
Дишнара Дика
Йоккхачу АтагIара Аюбан дехарца Довта-МартантIера Кутас дакъа а лоцуш, 1900-чу шеран бIаьста инкассаторашна тIелатар дар бахьана долуш, цуьнан коьртах боккха мах а хIоттош, Кута Россин империн мостагIа ву аьлла кхайкхийнера.
Аюба и тIелатар кеч а динера, иза цуьнан куьйгаллехь а вара. ХIетахь цо даьккхинчу ахчано доккха гIо дира шортта миска доьзалшна. Амма цу тIелатаран дукхох болчу декъашхошна цуьнан тIаьхьалонаш ирча хилира.
Кута метта вогIуш вацара, тIаккха иза ша волчу ВаларгтIе дIавигира Кавказехь цIейаххана вевзаш волчу аьккхий тайпанера лоьра Элмарзас. Иза обарган тайпанца доккха гергарло долуш вара. Лоьра цунна гам хьаькхначул тIаьхьа (трепанация черепа) Кута метта веара, амма чов атта дIа ца йирзира.
Шарахь сов хала лазар текхначул тIаьхьа ВаларгтIера Эльмарзас кога хIоттийра обарг.
Кутин уллера гергара нах закъалтана лаьцначу хенахь, цуьнан цIийнах болчу баккхийчеран и гергара нах маьрша бахархьама оьрсийн Iедале шаьш Кутех девлла ала дийзира.
Кутин лар ша берзан лар санна толлуш йара, цуьнан хIусам а, доьзал а оьрсийшна мотт беттачеран тергонехь бара даима а. Шен гергара нехан дахарна кхераме хIумма а ца хилийта, Кутас сацам бира Теркал дехьа вехаш волу шен доттагIа Дишнара Дика волчу дехьа вала – цигахь и цкъа а лоьхур вацара.
Дика Кутел масех шо воккха вара, амма цуьнан цIена дог гуттар а къона лаьтташ дара. Дика даима а керла зуда лохуш вара, хIинцале шен кхоалгIа жима зуда База йоллушшехь.
Дика ГIизларан-Гребенской полковой округан эскаран латтанашкахь ваха хиънера. Йоцачу ханна йукъахь цо дика бахам вовшахтуьйхира – даьхний, эмкалш, уьстагIий, говрийн масех рема.
Цуьнан латта Iуьллура Оьрз-ГIалина йистехь, Теркана гена доцуш, амма цо аренде эцна латтанаш кхин а гена, Дубовски станице кхаччалц дара, цигахь цуьнан генара дежийлаш дара.




