На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Муха карор дара теша иза?
Ткъа Маьхьдим-м вистхуьлуш вацара, гулбеллачаьрга лерина ладугIуш.
Балкхархойн къаночо, вехха ойла йина жоп делира:
– КIеза оьшу шуна, амма нохчаша цкъа а доккхур дац ненах берзан кIеза. Нохчийн ламастехь дац борз йийсаре латто.
Цуьнан къамелах реза хуьлуш вистхилира Маьхьди:
– Нийса боху ахь. Хьуна дика девзаш хилла тхан къам. Ша тхо санна цхьаьнга а караIамайелла йац борз, цундела хаьржина и экха цкъа а цхьаьнга а къарбелла боцучу нохчаша шайн къоман билгало…
II
И къамел церан бIаьстенан йуьххьехь хиллера, ткъа масех бутт баьлча, йуха а кхечира тхан кIотара воккха стаг балкхархо.
– Мичахь ву шун нохчо? Берзан кIеза йеана ас цунна.
Массо а арахьедира. Маьхьди а чохь хиллера. Балкхархо забар йеш йа шаьш Iехош ву моьттира ламанхошна, амма цуьнан карахь долчу гали чуьра кIоршаме массеран а бIаьра хьоьжуш, гIигI деш боккъалла а берзан кIеза йара. Цо шех куьйг Iотта а ца вуьтура цхьа а.
– Тхан ломахь догIанаш бахьана долуш дистинчу хис йохийна хиллачух тера ду кхеран Iуьрг.
Маьхьдис меллаша караийцира берзан кIеза. Иза лерина хьоьжура цуьнан бIаьра – гIо дехьа суна бехк боцуш Iанийна нохчийн цIих чIир иэца бохуш санна. Дуьнен чохь ша цхьалха виссинчу Маьхьдин дерриге а дахаран маьIна хилира Борзак аьлла цIе тиллинчу берзан кIезах. Нанас бер санна лерина лелош йара цо кIорни. Маьхьдис цкъа а човха ца дора берзан кIеза, хIунда аьлча цунна хаьара борз иза жIаьла дац, цо цкъа а дуьтур дац шена динарг. Бешахь кхобуш, лелош дара цо берзан кIеза.





