На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
🔍 Загляните за кулисы "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Мзия Ратиани) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
📚 Читайте "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
И сурт шен бIаьргашца гиначу Маьхьдис, цу мIаьргонехь дуй биънера шен доьзалах а, хьомечу йуьртах а чIир иэца. Шен дерриге а дахар чIирана дIаделла цо хIетахь дуьйна. ХIинцалц Дала аьтто беш, схьавогIуш а ву иза – элира сан денанас, ша дийцинарг тIечIагIдеш санна.
Сан кийра цIе латийнера цу дийцаро. ХIетахь хиира суна халкъан чIирхо бохучу дешан маьIна. Суна цкъа а гина вацара и стаг. Суна хаьара иза сан да хила мегар долуш воккха вуй, амма къонахчун амалах хьаьгна долу сан аьрха са, цу стеган сине гIертара.
– Зуда стенна ца йалайо цо? – хаьттира ас дегочу озаца.
– Дош делла ву иза, герзаца йихкина йукъ, шен доьзал хIаллак хиларна бехке волу, тIаьххьара мостагIа вийча бен йостур йац ша аьлла. – ойланашка йахара сан денана. – Зуда а хилла боху цуьнан исбаьхьа хаза. Иза йицлуш а хир йац цунна, амма мел хаза а, жима а зуда хьакъ йу цунна. И санна волчу къонахийн тIаьхье оьшуш хьал ду вайн къомехь.
Цхьаммо неI тухуш, хадийра сан дененаца хилла къамел. Цул тIахьа Довта-МартантIера доьналла долчу чIинхочух лаьцна кхин хIумма а суна ца хезира. Сан дененаца и къамел хилла кхо-диъ шо дIаделира. ХIетахь суна дуьххьара гира иза со гIумкойн Эндерей олучу йуьртахь хьошалгIахь йолчу хенахь. Сан дененан ден Ташу-Хьаьжин нана тарковски эланашах схьайаьлла гIумко йара. Со бабица кест-кеста цаьргахь хьошалгIахь хуьлура. Тхойшиъ цаьргахь хьошалгIахь йолчу цхьаьна сарахь хIусамдай цIеххьана дIасхьаида буьйлабелира, цIентIехь кечамаш беш.
– Цхьа беза хьеший бу боху богIуш! Ламазаш дина, йууучух кхетта, хье ца луш, дIагIур бу уьш – элира соьга йедда йоьддушшехь несо. Церан хIусам йоккха а, сирла а йара. Кертахь кхин а масех гIишло а йара. Со зударийн агIонехь йара, ткъа тхуна дуьххьал долчу цIа чохь кечамаш бара беш, хьеший тIеэца. Сан башха боккха бала бацара цигахь хуьлучун, амма цIеххьана сан дог тIекIалделира зударийн къамелаш хезча.





