На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — История, Документальная литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
🔍 Загляните за кулисы "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Бенедетти Франческо) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
📚 Читайте "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Арахь хуьлучу гIаттамийн терахь белхазаллин терахьца нийсса лаккха долуш дара: перестройкин тIаьхьалонаша шайх лаьцна хоуьйтуш дара, къаьсттина цара тIеIаткъам бинера экономически уггаре а гIийлачу чкъурана.
Царна йукъахь бара хенийн белхаш деш болу нохчий, церан терахь ши бIе стаг гергга дара (бахархойн 10—15%). ХIинца тIедогIуш рицкъа а доцуш биссина уьш, гIаттамхойн тобанех дIакхеттера.
Завгаевна хаьара нагахь санна и массо а нах шегахьа а берзийна, царех шен политически гарант ша йича, цо оппозици дIайаккхарал совнаха, Советан Iедал доха герга дахча, шена дика гIортор а кечйир йу.
Иза массарна а революци сацор санна хийтира, цундела Завгаевца болу ларам стигла кхаччал лаккха а белира.
Секретарьш хийцаро Халкъан фронтан политически майданера дIайаккха дика лард йиллира.
ХIинца кхин а цкъа ца хьахо, гIалгIайн хаттар дара къасто дезаш.
Иза хIинца а реабилитацин закон дацара, амма гIуллакх цу тIе доьдуш дара, цундела цунна зорба тохар бахархоша доккхачу хазахетарца тIе а лецира.
[35] Завгаевс шен политика чIагIйан деш долу гIуллакхаш социальни а, динан а агIонашка а даьржаш дара. Конфессиональни тIегIанехь, Завгаевс ахчанца кхачо йира бусулба динан институташ кхолла а, керла маьждигаш схьаделла а, иштта таро йира СССР-ехь дуьххьара Макке хьаж дан а, гIо дира Исламски совет кхолла а.
.
Завгаевн цIе хIетахь йукъараллехь шуьйра йаьржина йара. 1990-чу шеран бекарг баттахь цуьнан башха аьттонаш бара цу политически кхиамех боккха пайда эца. Хьалхара аьтто бара Нохч-ГIалгIайчоьнан Лаккхара Советан хIоттам цIинбар.
И дарж Боков Хажбикарера ша схьаоьцуш хиларе терра, Завгаевн аьтто белира республикин лаккхара кхочушдаран Iедал партийн лаккхарчу даржаца цхьаьнатоха.
Цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа политически кхиамаш бохуш, цуьнан аьтто белира 1990-чу шеран бекарг беттан чаккхенехь халкъан депутатийн Гуламехь меттиг йаьккха.
Конгрессан Устава билгалдинера хIора шарахь меттигийн пхоьалгIа дакъа цIиндийр ду аьлла, Союзехь политически нийсо хилийта.





