На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — История, Документальная литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
🔍 Загляните за кулисы "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Бенедетти Франческо) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
📚 Читайте "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Дешарна тIера а, ша хьекъал долуш а хилар бахьана долуш, цуьнан аьтто белира Калужски областера Сяковка олучу тIеман-хIаваан базера 54-чу йезачу бомбардировочни полкана йукъаваха.
1968-чу шарахь иза Коммунистически парти йукъа вахара. И харжам цо тIеман гIуллакхан лаккхарчу тIегIане вала Iалашонца а ца дира, Дудаев боккъалла а тешара «реформировать» йиначу социализма къаьмнашна йукъара дов дIадоккхур хиларах.
1970-чу шарахь иза Белая олучу базера 1225-чу йезачу бомбардировочни полке дехьаваьккхира.
Цхьа шо далале, цуьнан аьтто белира Гагарин Юрийн цIарах йолчу ТIеман-хIаваан академин эпсараллин кадетствон академи деша хIотта.
Дешна ваьллачул тIаьхьа иза Белая базе йухавеара, цигахь йалх шо даьлча цунна командиран гIовсан цIе йелира, ткъа цул тIаьхьа штабан куьйгалхо хIоттийра, йуха полкан командир а. Дудаев дуьххьара нохчо вара Советан Iедалан лаккхарчу тIегIане вала аьтто хилла волу.
Советски Союза Афганистанехь тIом болийначу хенахь, Дудаев 185-чу йезачу бомабардировочни полкан куьйгаллехь вара.
[22] Дукха нохчий Iадийнера атеистически я, цул гIоле ортодоксальни ларалуш йолчу Советски Союза шаьш санна бусулба болчу Афганистанера гIаттамхошна тIе герз детта долийча. Советски Союза лелош дерг харцо юй гуш дара царна, ткъа муджахIидаша латтош болу къиссам Имам Шемала бначу тIамах тера хетар.
Амма Дудаев ишта ойла йолуш волчух тера дацара. Нагахь санна иза бакъ делахь, цо гIаттмхойн ши юрт дIашарйинера бохуш дуьйцу. Амма Россин оборонин министра Грачев Павла дийцина долу иза, бакъ ца хила а тарло, хIунда аьлча къаьсттина и хаам бовзийтинера Хьалхара нохчийн тIом болалучу хенахь.
Цигахь ша куьйгалла дечу секторехь авиационни подразделениш нийса йухайахарехь тIеман хаарш а, говзалла а гайтарна цунна грамота а йелира, ишта Тарту гIалина йистехь йолчу йадерни бомбардировщикийн хIаваан базанан куьйгалле а хIоттийра.
Ткъа цу хенахь, Советски Союзан куьйгалхочун дарж дитира Брежвневс. Цуьнан метта веара реформатор Андропов Юрий. Йалхийтта бутт цо цу даржехь боккхуш, малхбузера дуьненца йолу йукъаметтиг йуха а даръеллера, ткъа советски машен цIинъйан гIерташ цо къахьегар гIийла дара: тIеман харж алсам йолуш йара, ткъа и бахьана долуш СССР йоха гергга йаханера.
Коррупцис дIалецира пачхьалкха, ткъа къечу нахана йукъахь малар даьржинера.





