Главная » История » Читать Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том полностью бесплатно онлайн | Бенедетти Франческо

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — История, Документальная литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.

0 баллов
0 мнений
1 чтение

Дата выхода

15 июля 2022

🔍 Загляните за кулисы "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты

Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Бенедетти Франческо) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.

Описание книги

Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

📚 Читайте "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно

Перед вами — полная электронная версия книги "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Нохчашкара долахь долу латтанаш схьа а дохуш, уьш колхозашна дIалуш дара, ткъа цу колхозашкахь къа хьега дезаш вара массо а.

Пачхьалкхас пайдехь мехашца йалта оьцур ду, ткъа цуьнан метта мокъазалла лур йу.

Проектан башха дика жамIаш ца хиллера, коммунисташна толам баккха гIо динчу нохчийн цабезам марсабаккхар бен. Шайн латтанийн дола дан аьтто хиларе сатийсина болу уьш, мелхо а шайгахь долчунах а бевлира.

[8] Нохчий цхьаъ санна массо а дуьхьал велира коллективизацина. Историка Некрич Александра дийцарехь, Нохчийчоьхь долахь латтанаш дан а дацара.

Тут будет реклама 1
Аренца Iаш болчарна юкъахь хIинцале хи а, латта а, хьаннаш а екъар долийнера, ткъа «кулак» бохучу дешан маьIна а дайнера. Итта шерашна юкъахь коллективизацис дIалаьцнера дукхох долу аханан латтанаш. Амма бахархой цу гIуллакхна реза бацара, царна ца лаьара юкъара латтанаш лело. Ойла йел аш: 20% гергга бахархой цхьаьна а дийнахь колхозехь болх бина бацара, ткъа 46,3% шарахь 50 дийнахь бен болх бина бацара.

Дуккха а шерашкахь шайн паргIато а, маршо а къиссина болчу нохчашна йинарг йоккха йамартло йара.

Тут будет реклама 2
Мацах дуьйна шайн хиллачу латтанийн дай хила аьтто ца баларал совнаха, хIинца церан таро йацара шаьш къахьегна даьккхинчу рицкъанах шайна ма-хетта пайда эца.

Йалта а, даьхний а хIинца Iедалан долахь дара, ткъа реза боцучарна тоьпаш тухуш йара, йа цаьрга хьоьжуш Сибрехара набахтеш йара.

Керлачу политически ражана дуьхьал айбиначу гIаттамаша Нохчийчоь синтемах йохийнера 1920-1930-чу шерийн йохаллехь. Советан Iедало вейтта эзар герра стаг лаьцна воллушшехь, Нохчийчоь саца дагахь йацра.

Тут будет реклама 3
ГIаттамхоша пачхьалкхан хьукматашна тIелатарш дар бахьана долуш, Iедалан ца даьлла дийзира пачхьалкхан инфраструктура ларъйархьма герзаца кхачо йина тобанаш кечъйан.

1939-чу шарахь адам реза ца хилар боккъалла а болчу гIаттаман кепе дирзира. Цуьнан коьртехь лаьттара журналист а, поэт а Исраилов Хьасан. Цуьнан ойланаш коллективизацис оьгIаз бахийтиначу ламанхоша къобалйина хилла ца Iаш, СССР-ан керлачу баьччас Сталин Иосифа хIаллак йеш хиллачу интеллигенцис а, буржуазис а къобалйира.

Тут будет реклама 4

Исраиловн аьтто белира Iеламнах а, Iилманчех а лаьтта шен юкъаралла кхолла. 1939-чу шеран бIаьста цо правительствона дуьхьал дуьххьара герз айдира.

[9] Исраиловс меттигера партин хьалхарчу секретаре Быковга яздинчу кехатехь дIахьедира: «Нийсса ткъа шарахь советан Iедало къиссам латтийна сан къомаца, и къам хIаллакдина дуьненчуьра дIадаккха Iалашонца. Цкъа «кулакаш», юха молланаш, бандиташ, буржуа-националисташ.

Добавить мнение

Ваша оценка книги

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

О книге «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том» ещё никто не оставил отзыв — у вас есть шанс стать первым, чьё мнение задаст тон всему обсуждению! Поделитесь впечатлениями, эмоциями, замечаниями или рекомендациями. Ваш отзыв не только добавит живого голоса к произведению, но и поможет будущим читателям понять, стоит ли им открыть эту книгу. Не держите мысли при себе — ваше слово имеет значение!

Похожие книги