На нашем ресурсе вы можете полностью погрузиться в мир книги «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том» — читайте её онлайн бесплатно в полной, несокращённой версии. Если предпочитаете слушать — воспользуйтесь аудиоформатом; хотите сохранить — скачайте через торрент в fb2. Жанр произведения — История, Документальная литература. Также на странице доступно подробное описание, авторская аннотация, краткое содержание и живые отзывы читателей. Мы постоянно пополняем библиотеку и улучшаем сервис, чтобы создавать лучшее пространство для всех ценителей качественной литературы.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
🔍 Загляните за кулисы "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — аннотация, авторский взгляд и ключевые моменты
Перед погружением в полный текст предлагаем познакомиться с произведением поближе. Здесь собраны авторские заметки, аннотация и краткое содержание "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" — всё, что поможет понять глубину замысла и подготовиться к чтению. Материалы представлены в оригинальной авторской редакции (Бенедетти Франческо) и сохраняют аутентичность произведения. Если чего-то не хватает — сообщите нам в комментариях, и мы дополним описание. Читайте мнения других участников сообщества: их отзывы часто раскрывают скрытые смыслы и добавляют новые грани понимания. А после прочтения обязательно вернитесь сюда — ваш отзыв станет ценным вкладом в общее обсуждение книги.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
📚 Читайте "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том" онлайн — полный текст книги доступен бесплатно
Перед вами — полная электронная версия книги "Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том", адаптированная для комфортного онлайн-чтения. Мы разбили произведение на страницы для удобной навигации, а умная система запоминает, на какой странице вы остановились — можно закрыть браузер и вернуться к чтению позже, не тратя время на поиски. Персонализируйте процесс: меняйте шрифты, размер текста и фон под свои предпочтения. Погружайтесь в мир литературы где угодно и когда угодно — любимые книги теперь всегда под рукой.
Текст книги
Имаматана дуьхьал Николай Паччахьа кхин а дукха ницкъаш хьажийра, амма хIете а, уггаре а кIезиг кхин а ткъа шо дийзира ламанхой аренашкара лома дIалахка.
Лаьмнийн чIожашкахь кIелхьарволийла лоьхуш лелаш волу Шемал Османски империгара гIо деха гIоьртира, амма Хонкаре башха ницкъ болуш йацара хIетахь, хIунда аьлча уьш шаьш бара ГIимрахь тIом беш, цундела церан сурсаташ дацара Имаматана гIонна хьажо.
Истамбулера лулахошкара шена гIо хир доций хиъна Шемал, Ингалс пачхьалкхан королева Викторияга гIо деха веара.
[4] Шен цхьаьна кIоргера маьIна долчу кхайкхамехь ишта яздо Шемала: «Лараме, королева! Дуккха а шерашкахь дуьйна Россица къиссам латтош ду тхо тхайн маршо а, тхайн паргIато а бахьнехь. ХIора шарахь тхан токхамаш санна тхан тогIишна чухьовдучу мостагIашна дуьхьало ян езаш хуьлу тхо. Тхан къиссам чIогIа а, къиза а бу. ХIора Iай тхайн зударий а, бераш а генарчу хьаннашкахь къайладоху оха, ткъа церан цигахь мацалла а, шело а лан деза.
.
Амма Ингалс пачхьалкхе дехна орца а жоп доцуш диссира. Мацалло, халонаша кIелбитина ламанхой, хIинца дукха хьолахь реза бара оьрсишца барт бан.
Цара хIинца йалта дIадийна аренаш ларъйар бен, кхин башха къиссам бацара латтош.
1859-чу шеран товбецан беттан 6-чохь Шемала мостагIашна къарвала сацам бира.
ТIевахар бахьана долуш, паччахьа таIзар ца деш, кIелхьараваьккхира иза.
Цуьнан юххера накъостий а, цул совнаха, кIентий а, бюрократи а, Паччахьан эскаре а кхайкхинера, Россина муьтIахь йолу Кавказан дуьххьара политически тоба кхолла Iалашонца.
Ламанхой къарбаран политика кхиам болуш хилира: ткъа шарахь Кавказ синтеме йара, ткъа масех гIаттам, имперски эскараша сиха сацийра.
Амма хIете а, 1870-чу шерийн чаккхенехь, нохчийн гIаттаман алу йуха а марсайелира.
Йуха а Паччахьан эскара сийна цIе йиллира Нохчийчоьнах. 1877-чу шарера 1881 шо кхаччалц, Нохчийчоьхь тIом бара, цу тIамо йохийна, йаьржийнера дукхох йолу йарташ, царех йиссинарш херцарш бен йацара.





